ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Азимуто" кема хоьцуш ду Соьлж-ГIалара Москох а, Петарбухе а


Оьрсийчоь -- "Азимут" (Azimut) компанин кема.
Оьрсийчоь -- "Азимут" (Azimut) компанин кема.

Соьлж-ГIалара Москох а, Петарбухе а лела кеманаш хеца дагахь ю "Азимут" (Azimut) авиакомпани, хаам бо "Кавказский узело". Охан-беттан 1-чу дийнахь кема лела долалур ду Соьлж-ГIалара Петарбухе. Ткъа Стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь дуьйна цу компанино рейс кхуллур ю Соьлж-ГIалара Москох а, цигара юха а.

Петарбухе кема лелар ду хIора оршотан а, кхаарин а, пIераскан а, кIинан а деношкахь. Петарбухера кема гIоттур ду 11.40. Ткъа Соьлж-ГIалара – 15.50, дуьйцуш ду "Азимут" компанин сайта тIехь.

Москох кема лелар ду хIора дийнахь, Соьлж-ГIалара 12.00 сахьт даьлча, ткъа Москохара 16.00 сахьт даьлча.

Мехашка хьажа аьтто бу кхузахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG