Соьлж-ГIалин 200 шо кхачар даздаран гурашкахь гIалин мэрино а, синбахамаллин министралло а белхаш болийна турпалхочунна Нурадилов Ханпашина иэсан хIоллам хIотторехь. Соьлж-ГIалин мэра Хучиев Муслима бина и хаам. Кадыров Ахьмадан а, Субботниковн урамаш вовшахкхеттачохь хIоллам хIотто сацам бина Iедалхоша.
Хучиевс бахарехь, керла плитка а юьллуш, шиъ фонтан а югIуш, гонахарчу территори тIехь синтарш а дугIуш, кечйийр ю майда.
Нурадилов Ханпаша нохчийн къоман дозалла ду. Даймехкан тIамехь цо хIаллаквина 920 фашист, 12 салтий йийсаре эцна. СССР-н Лакхарчу Совето Турпалхочун цIе елира цунна, иза веллачул тIаьхьа.
Соьлж-ГIаларчу Кадыровн цIарахчу музейхь ларъеш, латтош ю Нурадиловна елла хилла пачхьалкхан мидалш.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!