ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Каримов: Гергарчу 30 шарахь Кадыровн лаам бац Латви ваха


Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретар Каримов Iаьлви
Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретар Каримов Iаьлви

Кхечу Оьрсийчоьнан бахархошна санна, Латвин пачхьалкхе ваха дихкинчу Кадыров Рамзанан гергарчу 30 шарахь лаам бац оцу махка ваха аьлла, хаамбина цуьнан пресс-секретара Каримов Iаьлвис.

"Суна хетарехь, Латвин векалте виза йоьхуш, дехар ца дина Кадыровс, я тIедогIучу 30 шарахь цига вахар цуьнан планашкахь а дац", - аьлла, Каримовн дешнаш даладо "Керланаш" агенталло.

"Латвин къоман лаккхара Iилма а долуш, эзарнашкахь хьекъале нах бу, и ду халахетарг. Латви а, Оьрсийчоь а доттагIаллийн уьйрашкахь хилла а ю, хир а ю. Нагахь латышашна гIо оьшуш меттиг хилахь, уггар хьалха куьг кховдон ерг Оьрсийчоь ю" , - аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретара Каримов Iалвис.

Карладоккху оцу тептарехь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а , парламентан спикер Даудов Мохьмад а, Талламан комитетан куьйгалхочун гIовс Логунов Олег а хилар. "Магнитскийн тептаран" авторшка Iиттаршца жоп деллера кху деношкахь Даудов Мохьмада а.

"Оцу хаамо дог дохийна, со карти тIе хьаьжира, стенга даха дихкина -те тхуна аьлла. Боккха эшам и хиларна, ас мало ца йира пхи минот яйа, Прибалтикан географин кегарийлахь и "тIех дегабааме" мохк лахархьама. Эххар а, халла карийра суна и "доттагIалле йоцу" пачхьалкх. Цул тIаьхьа деган молха а мелла, цуьнан башхаллаш талла воьлла со, кхи а сингаттамр лецира", - яздо Mylistory-н агIон тIехь парламетан спикеро.

ХIора шарахь оцу "демократин маршо езачу махкахь" 23 эзар стаг тIе ца тоьа, боху Даудовс.

"ХIан-хIа, и гуманитаран катастрофа яц, и таханалерачу латышийн бакъдерг ду. Оцу пачхьалкхера оьрсий арабохуш хилар а, шайн меттигера бахархой Европе дIаоьхуш хилар а тидаме эцча, кеста Риган ширачу урамашкахь гуш адам хир дац, ша масех, къаналлин денош токху адаммий, эсэсовцаш-ветеранашший, "Магнитскийн тептар" шорден иттех бакъонашларъярхо - скинхеддий, ши бIе уьш ларбе хадархой а бен", - яздо Даудов Мохьмада.

Кхи дIа иштачу цавашарца яздо парламентан спикеро: "ДоттагIий, аш кадамашца сайн дог оьцур ду аьлла, догйовха ву со. Хьажахьа, Латви даха йиш яц, тов! Бехк ма билла, соьга кхи дIа ца яздало…веларна тоха са дац…", -аьлла, дерзийна шен йоза Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG