ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремлан сайтехь Путинна еш агитаци ю


Низамаша доьхкуш доллушехь, Кремлан сайтехь Путин Владимирна агитаци еш, сурт даьккхина зорбане. "МБХ медиас" бина и хаам. ХIинца волчу президентан агIо лоцуш харжамийн билборд чохь йолуш технополисан "Эра" цIе йолу макет гайтина Путин Владимирна. Презентацин суьрташ пачхьалкхан куьйгалхочун официалан сайте даьхна.

Боьду бутт карабеачхьана, харжамийн комиссин куьйгалхочо Памфилова Эллас бехк баьккхинера Песков Дмитрийгара, цо Путинна агитаци ярна.

"Политикан олимпехь абсолюте лидер ву Путин, цуьнца къовсавала гунахь волуш цхьа а вац" аьллера Песковс. Шегара бехк баьккхича, тIаккахула ларлур ву ша аьлла, шена бехк ца биллар дехнера Путинан пресс-секретара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG