ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!
please wait

No media source currently available

0:00 0:02:55 0:00
Линкана тIе

ГIалгIайн махкахь велла къинхьегаман а, социалан хьаштийн министран даржехь вехха лаьттина Маршани Баудди.

И бохам хилла Магасерчу цуьнан цIа чохь. Хиллачу даржхочун Iожалла яьгначу газах хилла бохуш дуьйцу ницкъаллийн стурктурашкахь.

Иштта цуьнца цIа чохь карийна синкхетамехь доцуш цуьнан зуда а, кIант а. И шиъ хIинца дарбан хIусамехь ду вуочу хьолехь.

Талламан комитето къастош ду Маршани валаран бахьанаш, амма, массара а юьйцуш ерг ю газан верси.

Кхечу хьосташа дийцарехь, газан урхаллера белхахоша, орцана цига кхаьчначарна ца карийна цигахь и лар.

Маршани Бауди нийса шо хьалха дIаваьккхинера 7 шарахь болх бинчу оцу даржера. Евкуров Юнус-Бекан командехь уггар а дукха лаьттинчу даржхойх вара иза.

Иза оцу даржехь хийцаран бахьанаш а хууш дацара. Муха стаг вара Маршани дуьйцу юкъаралхочо Манкиев Баматгирис. Иза ша а ву Аушев Русланан Iедалехь юртбахаман министр лаьттина: "Маршани вевзаш вара суна дикка. ПаргIат стаг вара иза амалца, сиха воцуш. Шена тIелаьттачу Iедало де аьлларг а деш хилла стаг ву-кх иза.

Талламан комитето бахарехь, яьгначу газах дIовш даьлла боху. Амма газан белхахоша иза дIаихина меттиг хилла яц боху. Реанимацехь зудий, кIантий ма дуй цуьнан".

Маршани Бауди 2011 шарахь вен гIоьртира муьлш бу ца хуу нах. Иза вехачу хIусаман керта оьккхург кхоьссинера. Вийна, лазийна цхьа а вацара.

Амма цуьнан гонах а, цунна дуьхьал а ондда болх болийра ши шо хьалха. Оцу министраллехь болх бинчу Евлоев Iусман цIе йолчо Iораяьккхира оцу хьукматера коррупци.

ХIора шарахь цигахь 520 миллион сом лачкъош ду бохура цо гIарайохучу видеош тIехь. Youtube леррина канал а кхоьллинера "ГIалгIайн махкара къинхегаман министраллера коррупци" аьлла цIе а йолуш. Евлоевс Путине а кхайкхам бинера оцу гIуллакхан терго яхьара аьлла.

Ткъа, юкъаралхочо Манкиевс бахарехь, шега лаккхарчу Iедало де аьлларг дийр долуш стаг вара Маршани: "ДIадийца башха хIума хууш-м дац цигахь. Амма Iедало цхьацца хIуманаш гучу дохуш, болх-м бина цигахь. Евкуровс шега аьлларг дийр долуш стаг вара-кх иза. Шега аьлларг а деш, ваьхна стаг ву иза. Массарелл а дукха болх бина ву иза цигахь".

Iедалан даржхой газах дIовш а даьлла балар дуьххьара хуьлуш дац ГIалгIайн махкахь. 6 шо хьалха Несар-гIалахь шен цIа чохь зудчунца а, 4 бераца а велла каравира чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера лакхара эпсар Тамасханов Аслан.

Официала верси-газ. Шеко яц Маршани валаран бахьана а изза лорург хиларна. ТIаккха, оцу министраллехь лачкъийна ахча мича дахана талла а атта хир дац.

Дуьненан футболан чемпионат шайн цIахь дIахьош хиларе терра, Оьрсийчоьнан бахархоша сагатдо мехкан футболна. Шу дуй оцу декъах?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG