ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чехин Iедалшка Туркойчоьно схьавоьху Шеман вахархо


Чехин Iедалшка официалехь дехар дина Туркойчоьно Шемарчу курдойн юкъараллан лидер Муслим Салихь схьавоьхуш. Туркойн премьер-министран гIовса Бозданг Бекира аьлла оршотдийнахь "Демократин союз" партин хилла лидер Муслим Салихь Праган кхела хьалха хIуттуш ву аьлла.

Хонкаран дехарца кху беттан 24-чу дийнахь лаьцна Муслим Прагехь. "Демократин союз" партино бехкейо Туркойчоь, шайн пачхьалкхан воцу вахархо лаца кхайкхорна, цхьа а юридикан бух а боцуш.

Шайн "пачхьалкхан цхьаалла йохорна" туркойн кхело Муслим бехкевинчул тIаьхьа, Туркойчоьно тIедожийна Чехина иза шайга схьавалар.

Туркоша "террорхойн тоба" лоручу "Демократин союз" парти Шеман Къилбаседехь курдойн уггар а коьрта политикан ницкъ бу. Дахначу шарахь Муслима дарж дIатесна, амма тIеIаткъаме политик санна висира иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG