ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!
please wait

No media source currently available

0:00 0:04:53 0:00
Линкана тIе

Европерчу пачхьалкхашкахь тIаьххьарчу ткъех шарахь чул а шуьйра дагалецира нохчий а, гIалгIай а дIабохийна де. Малхбузера пачхьалкхийн коьртачу шахьарех цхьа а ца йисира ала мегар ду, бIеннашкахь нах декъа а болуш, къам дохоран де дагалацарш дIадахьанза.

Цхьаццаболчу мехкашкахь коьртачу гIалахь бохаман де билгалдаьккхина ца Iаш, цхьа могIа кхечу шахьаршкахь а вовшахкхийтира нохчий. Иштта, масала, еккъа цхьана Францехь Чиллан-беттан 23-чу дийнахь нохчий цхьаьнакхийтира масех гIалахь - Парижехь а, Страсбургехь а, Нантехь а, Ниццехь а, Тулузехь а. Юкъарчу хьесапехь эзар сов стаг вара цу цхьаьнакхетаршкахь дакъалаьцнарш.

Парижехь Республикан майданахь хIора шарахь санна митинг дIаяхьира нохчаша. Ниццехь – митинг а, цул тIаьхьа цхьана меттигерчу кхерчахь дагалецамийн суьйре а дIаяхьира "Нохчийн, гIалIайн ассоциацин" куьйгалхочо Магамадов Рамзана а, цуьнан накъосташа а.

Сибреха депортаци еш а, цу депортацин тIаьхьалонех цига дIакхаьччачул тIаьхьа а кхелхинчарна тIера доIа дарца дIайолаелира и суьйре.

Иштта Австрин коьртачу шахьарехь Венехь хилла ца Iаш, цу махкарчу масех яккхийчу гIаланашкахь дагалецира нохчий, гIалгIай бохийна де. Клагенфуртехь, Брегенцехь, Грацехь цхьаьнакхийтира уьш белларш дагалаца а, дийнаболчарна хилларг карладаккха а.

Коьрта цхьаьнакхетар Венехь хилира. Цигахь дуьххьара пачхьалкхан хьукматан гIишлонна чохь – гIалин кIоштан урхаллин кхерчахь - дIаяхьира нохчаша шайн бохаман де дагалоцу суьйре.

200 стагана леринчу цу кхерчан йоккхачу залахь охьаховша меттиг а боцуш, пеношца лаьтташ бара дуккхаъ нах. Ткъа пеношца а меттиг гаттаелча луларчу чоьнан неIарш схьа а йиллина, цу чуьра схьа ладогIа аьтто бира охьаховша меттигаш ца кхаьчначарна.

Цхьаьнакхетар вовшахтоьхнарг Венера шиъ нохчийн цхьаьнакхетаралла яр – "Австрерчу нохчийн наной цхьаьнакхетараллий", "Ичкерия" юкъараллий.

Суьйренна кечам беш гIодеш масех австрихойн юкъараллин жигархой а бара. Суьйре вовшахтухуш къахьегначарех цхьаъ йолчу Исханова Айзана дуьйцу: "Цигахь дукха австрихой бара. Генара схьабаьхкина студенташ а бара. Цу вайн бераша шайн дийцарш дуьйцучу хенахь и массо а студенташ боьлхуш бара. Суна уллехь Iаш яра цхьа йоккхо австрихо. И суьйре чекхъяллалца йилхира иза. ЧIогIа тIеIаткъам болуш а, дика тIаьхье хир йолуш а суьйре хийтира суна иза. Кхиаме болх бина аьлла а хийтира иза вовшахтухуш".

Депортаци дагалоцуш, цхьаьнакхетар хилира Норвегин коьртачу шахьарахь Ослохь а. Цигахь Оьрсийчоьнан векалтана хьалха митинг дIаяхьира нохчаша. Иштта Берлинерчу оьрсийн векалтана хьалха а, Бранденбурган кевнашна хьалха а гулбелира Германехь беха нохчий а.

Вуно мехала гIулч яьккхира Нидерландашкарчу ХIаагехь вовшахкхеттачу Нохчийн дозанал арахьарчу урхаллин векалша. Ичкерин урхаллин хьалханча Закаев Ахьмад а, цуьнан гIоьнча, адамийн бакъонашларъярхо Ибрагимов Сайд-Эмин а, Европерчу нохчийн диаспорин векалш а бара цигахь гулбелла.

Дуьххьара ХIаагерчу зуламийн кхеле Оьрсийчоьнан куьйгалхошна а, шена цу пачхьалкхан президентана Путинна а дуьхьал бехкталламан гIуллакх схьаделла бух буьллуш долу документаш чуделира цара. Дуьненаюкъарчу Трибунало цу кепара официале шайга кховдийна а, шаьш дIаэцна а долу арз толлур долуш ду тIейогIучу хенахь.

Вайнах бохийначу денна хьажийна цхьаьнакхетарш хилир Чиллан-беттан 23-чуьра 25-чу кхаччалца, цул совнаха, СтокхIолмехь , Хелсинкехь, Тбилисехь, Истанбулехь, ткъа иштта Нью-Йоркехь.

Дуьненан футболан чемпионат шайн цIахь дIахьош хиларе терра, Оьрсийчоьнан бахархоша сагатдо мехкан футболна. Шу дуй оцу декъах?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG