ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Газ иккхина нах лазийна Шела кIоштахь


Нохчийчохь газан баллон иккхина 10 стаг, шайлахь 4 бер а долуш, лазийна. ТАСС агенталле бина и хаам махкарчу орцан министраллло.

"Шела кIоштарчу Эвтарахь хIусамехь хилла и эккхийтар", - дийцина агенталле министраллан векало.

Цо бахарехь, чевнаш йина итте а стаг дарбан цIийне кхачийна. Газ эккхаран бахьанаш толлуш, белхаш бу дIахьош карарчу хенахь.

XS
SM
MD
LG