ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцов верна бехке мел волчунна таIзар дар доьху Iамерко


Оьрсийн оппозицини политик Немцов Борис верна бехке мел болучарна таIзар дина хиларх тешна хила деза аьлла, кхайкхам бина Вашингтоно Оьрсийчоьнан Iедалшка. Пачхьалкхан департаментан сайтехь бо и хаам.

Динчу дIахьедарехь билгалдоккху, "демократин боламехь" Немцов коьртехь хилла хилар а, шен доллу дахар юкъараллан интересаш хьалха а яьхна, Оьрсийчоь маьрша, кхиаме хилийтар цуьнан коьрта Iалашо хилла хилар.

Немцовх болчу дагалецамаша оьрсий а, кхечу къаьмнийн векалш а иракархIиттабо маршонехьа болчу халачу, кхерамечу къийсамехь кхи дIа а дакъалаца, яздо департаментан сайтехь.

Адамийн юкъара бакъонаш ларъярехь шайн декхарш кхочушдаре кхойкху Оьрсийчоьнан Iедалшка Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа.

Шинаридийнахь Вашингтонехь Немцовн цIарах майда схьайоьллуш, официалан церемони ю. Байначу баттахь гIалин кхеташоно цхьабоса сацам тIеийцира оьрсийн векалтна хьалхарчу майданна Немцовн цIе туьллуш.

Немцов Борисан сийнна хIоллам ца хIоттабойтуш, дуьхьалонаш латтийначу Москохарчу Iедало дахначу кIирандийнахь бакъо елира иэсан ун тохийта политик ваьхначу цIенна тIе.

КIирандийнахь Оьрсийчохь акцеш дIаяьхьира Немцов дагалоцуш. Эзар стага дакъалаьцна оцу барамехь.

2015-чу шеран Чиллан-беттан 27-чу дийнахь Доккхачу Москворецкан тIай тIехь вийра Немцов Борис.

Иза верна бехке леринчу Нохчийчуьрчу бахархошна 11 шарера 20 шаре кхаччалц хенаш тоьхна набахтехь яккха.

Ткъа мила вара иза вен тIедиллинарг тахханалц къаьстина дац.

Оппозиционеран гергарчарна а, цуьнан агIончашна а хетарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан ву иза верна декъах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG