ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерко керла санкцеш яьхна Оьрсийчоьнна дуьхьал


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа Оьрсийчоьнна дуьхьал керлачу санкцийн пакет йоккхур ю гергарчу 30 деношкахь. Шинаридийнахь Калифорнерчу университетехь вистхуьлуш дина и дIахьедар Iамеркан финансийн министро Мнучин Стивена, дуьйцу Bloomberg агенталло.

Хьалхо Сенатехь ладегIаршкахь а элира Мнучина, санкцешна тIехь беш болу болх кхочушбийр бу аьлла. Масех Оьрсийчоьнан бахархошна дуьхьал санкцеш яха кечам беш хиларх дIахаийтира дахначу кIиранах Iамеркан пачхьалкхан секретаро Тиллерсон Рекса а. КIайчу цIийнерчу шен хьосташна тIе а тевжаш, Reuters агенталло дуьйцу, Оьрсийчоь Iамеркехь хиллачу президентан харжамашна юкъагIоьртина аьллачу бехкаца доьзна керла санкцеш тоха кечам беш хиларх а, и гIуллакх сихонца цхьалха ца далар юридикан процедурашца доьзна хиларх а.

Байначу беттан тIаьххьарчу дийнахь Iамеркан финансийн министралло Iорадаьккхира санкцех "Кремлан тептар". Оцу юкъахь бара Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран гонера нах.

Верриг а 210 стаг вара цу тептаре ваьккхинарг. Iедалан коьртера а, Путинан администрацера а, пачхьалкхан корпорацешкара а, ницкъаллийн струтурашкара нах а, олигархаш а.

Дуьххьара 2014-чу шарахь санкцеш ялийра Оьрсийчоьнна дуьхьал, цо ГIирмана аннекси ярна а, Украинерчу конфликтна юкъагIортарна а. ТIаьхьо санкцеш масийттазза дIаяхйира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG