ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъонашларъярхой: Шемахь машаран барт ца ларбо


Лондонерчу Шеман адамийн бакъонашкахула йолчу мониторинган тобано дIахьедарца, Оьрсийчоьно маслаIат динехь а, Малхбалерчу Гутехь кеманца тохарш юхадолийна шина гIалахь. Шеман тIеман хьосташа бакъ ца йо и информаци. Шифуний а, Афтарис а гIаланашкахь кеманаша бомбанаш йиттина аьлла Британин мониторинган группано.

Маьршачу нахана арабовла биллинчу некъа тIе минометца кхийсарш йина аьлла, Малхбалерчу Гутера гIаттамхой бехкебира оьрсийн эскархоша шинаридийнахь, яздо Оьрсийчоьнан информацин агенталлаша. Цундела цхьана а вахархочун аьтто ца баьлла конфликте зона дIатаса.

Шеман Iедалшна тIехIоьттинчу Оьрсийчоьно буьйр динера Iуьйранна 9 сахьт даьлча буьйсанна ши сахьт даллалц герзаш ца кхуьйсуш, маслаIат дан шина агIонна юкъахь. Иштта Iалашо яра меттигерчу маьршачу бахархойн гIаличуьра арабовла аьтто бан а.

Британерчу адамийн бакъонашкахула йолчу мониторинган тобано Iуьйранна дIахьедира, буьйса юккъе яхначу хенахь Гутехь тийналла хIоьттинера аьлла.

Доума гIаларчу AFP корреспонденто дийцарехь, ракеташца кхийсарш йинера йоллу буьйсанна.

Оьрсийчоьнан тIеман министралло бахарехь, Шемарчу ницкъашца цхьана хиллачу маслаIатехь коьртаниг дара маьршачу нахана арабовла некъаш дастар а, цомгашчарна а, лазийначарна а эвакуаци яр а.

ГIаттамхойн Гутерчу тобан векало Москох бехкейина бахархошна ши къастам битарна, я балар я бертаза меттахбахар.

Москоха юкъахь машаран барт бар кхайкхийра, кху беттан 24-чохь дIа а ца тоьттуш, 30 денна герзаш совцо деза, маьршачу бахархошна гIо кхачо а, адамийн эвакуаци ян а аьлла, ООН-ан кхерамзаллан Кхеташоно резолюци тIеэцначул тIаьхьа.

Жигархойн версица, 560 стаг а вуьйш, Малхбалерчу Гутехь Шеман Iедалан эскархоша тохарш динчул тIаьхьа яьхна гIулчаш яра уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG