ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен юьртахо вен а вийна, цуьнан дакъа дагийнарг кхеле хIоттийна


Нохчийчохь теллина дели 38 шо долчу Гуьмса кIоштарчу вахархочунна дуьхьал даьккхина гIуллакх. Иза бехкевора, шен юьртахо вен а вийна, цуьнан дакъа дагорна.

Талламчийн версица, стохка гурахь Гуьмса кIоштарчу Керлачу Энгенойн эвлайистехь шен накъосташца садоIуш хилла бехкевийриг.

Шайца болчу цхьанца дов иккхина хилла цуьнан, бехкевечун гергарчеран сийдойуш вийначо къамелаш а деш. Гулбелларш дIасабоьхча, буй тоьхна кхетамчуьра ваьккхина хилла цо иза.

Цул тIаьхьа кIесаркIагтIе шозза диг тоьхна, вийна иза зуламхочо. Лараш яйархьама цIе тесна дагийна цо вийначун дакъа. Бисина чим уллохь охьадоьдучу Хулхуле хи чу кхоьсина.

Масех де даьллачул тIаьхьа, ша динчун дуьхье ккхиина, полици а веана, мукIарло дина оцу жимчу стага.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG