ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцов Борис дагалецира Москох


Оппозиционер Немцов Борис дагалоцуш, иза вийначу Доккхачу Москворецкан тIай тIе зезагаш а дохкуш, гулбелира политикаш а, юкъаралхой а шинаридийнахь. Маршо Радион корреспонденто дийцарехь, баьхкинчарлахь бара Оьрсийчоьнан президенатн харжамийн кандидаташ Явлинский Григорий а, Собчак Ксения а, ПАРНАС-ан лидер Касьянов Михаил а, оппозиционер Гудков Геннадий а, бакъонашларъярхо Пономарев Лев а.

Иштта зезагашца баьхкинера Литван, Швецин векалш а.

Шинаридийнахь кхо шо кхечи Немцов Борис вийна.

Иштта иза дагалоьцуш барамаш дIабаьхьира кIирандийнахь Оьрсийчоьнан дуккхаъчу гIаланашкахь а. Жигархойн дагардарца, 7 эзар сов стаг веанера "Немцовн марш" акци.

2015-чу шеран Чиллан - беттан 27-чу дийнахь вийра Немцов Москворецкан тIай тIехь, герз тоьхна.

Дахначу шеран аьхка иза верна бехкебинчаран 11 шарера 20 шаре кхаччалц набахтехь яккха хенаш туьйхира.

Немцовн гергарчара а, цуьнан агIончаша а иза верна коьрта бехкениг Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан лору.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG