ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара цIа балийначу зударийн, берийн юкъара база кхуллур ю Нохчийчохь


Гергарчу Малхбалерчу тIеман конфликташкара цIа балочу зударийн, берийн юкъара база кхолла дагахь бу Нохчийчохь аьлла, хаамбо мехкан прокуратурано. Республикан Iедалхойн гIоьнца Шемара а, кхечу Гергарчу Малхбалера а цIа кхуьйлучийн юкъара база хила еза вовшахтоьхна аьлла прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис.

Цо чIагIдарехь, церан бакъонаш ларъярхьама вовшахтухуш ю и база. Ишта аьттонаш хир бу боху цо, кхеу пчхьалкхашкахь дуьненчу девллачу берийн кехаташ юха меттахIитто а.

Шемахь тIемаш бирзинчул тIаьхьа Кадыров Рамзана лаамехь я лаамза цига бахначийн доьзалаш цIа берзор бу ша аьллера. Доккхачу декъанна, зударий бу цо буьйцурш, шайн цIийндайшна тIаьхьа бахана болу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG