ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германерчу кхело кхин цкъа а лаца сацам бина набахти чохь воллу нохчо


Тоба а кхоьллина, тайп-тайпана талорш дарна бехке а бина, лецнера Германерчу Дрезден гIалахь бехачу нохчийн а, кхечу къаьмнех болу а божарий 2016-чу шеран гурахь. Дахначу шеран ГIадужу-баттахь йолаеллера церан кхел, амма масех баттана дIаттетинера иза.

Лаьцнарг верриг а пхийтта стаг ву. Царах доккхах долу дакъа нохчийн къомах ду, немцойн Заксен лаьттарчу прокуратурано чIагIдарехь.

Царна бехке дуьллуш ду, мафин кепехь банда а кхоьллина, нахера ахчанаш дахар а, летарш а, ткъа иштта наркотикаш а, герз а лелор а. Тобанера цхьаберш стаг вен гIортарна бехке беш а бу. Царех пхеанна дов 4 бутт хьалха хатта долийнера.

Кху деношкахь юха а доладеллачу нохчийн довхаттарехь скандале голатохар нисделира. Иштта а цхьа шо сов хан лаьцна набахтехь волу Iиса цIе йолу 31 шо долу жимстаг кхин цкъа а лаца сацам бира кхело.

Бандин куьйгалхо ларалуш волу и стаг хIинцалц схьа бехке веш вара рэкет ярна а, кхечарна кхерамаш тийсарца, церан бахамаш схьабахарна а. Амма иза лаьцначул тIаьхьа Iедалхошна гучаьлла, иза иштта цхьа стаг вен гIерташ хилар, прокуроро Хаазе Лоренцас динчу дIахьедарца. Иза лаца омра хиларна формале и стаг юха а лацавезаш вара элира цо.

Юхь тIе туьтмIаьжгаш йоьхкинчу полисхоша кхелан кхерчахь лаьцна дIавигира иштта а лаьцна набахтехь воллу жимстаг. Цунна дуьхьал керла бехкталламан гIуллакх схьадиллина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG