ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петарбухахь нохчий лаьцна спецназо


ПIераскан буса Петарбухахь ФСБ-н "Град" спецназо Нохчийчуьра бахархой декъехь а болуш, ворхI стагах лаьтта зуламхойн тоба лаьцна. Еххачу хенахь талораш, къоланаш деш, ахчанаш дохуш, схьабогIуш хилла уьш, хаамбо "Новости" агениталло, ницкъаллийн структурашкарчу шайн хьосташна тIе а тевжаш.

"Стаг лачкъоран", "Талораш даран" артиклашца бехкаш дехкина царна Петарбухарчу Талламан комитето.

Болчу хаамашца, стохка гурахь йохка-эцаран центрерчу ресторанехь бизнесхочунна го а бина, тапчанца кхерамаш а туьйсуш, 500 эзар сом ахча даккха гIоьртинера зуламхой. Цуьнан дегIах хьоьвсинчул тIаьхьа 37 эзар сом карийна, дIадаьккхинера, цул тIаьхьа машенан догIанаш схьа а даьхна, банкан картан пин-код йийца бохуш, ницкъ бина хиллера.

Бизнесхочун карти тIера 23 эзар сом схьа а эцна, лаьтта бухарчу паркинге а валийна, къизаллица йтттина хилла цунна.

Талламчийн версица, цул тIаьхьа бизнесхо цуьнан Hyundai Creta машен чу а хаийна, дIавигинера Лиговскан проспектерчу цIенна хьалха. Цигахь сахьт а, мобилан телефон а схьаяьккхинера.

Зуламхойн тIедожорца шен гергарчу нахе телефон тоьхна хиллера бизнесхочо, ша кIелхьара воккхург ахча доьхуш. 150 эзар сом ахча а делла, маьрша валитйина хиллера иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG