ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркехь Нохчийчуьра бахархой лецна контрабанда лелорца


Александриехь (Вирджиния штат) Нохчийчуьра cхьаваьлла ши вахархо Сыдыков Тенгиз а, Резванов Эльдар а лаьцна, хаамбо Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралан сайтехь. Полисхоша бахарехь, Александриин шина вахархочо 100 герз эцна хилла, Нохчийчу дIакхачорхьама.

"Бехкебечара эцна хилла кеп-кепара 100 герз. Лицензи а йоцуш Нохчийчу дехьадаккха Iалашо хилла цушиннан. Герз вовшах а даьккхина, цIен тIехь оьшу йийбар санна хьулдина, къайладаккха лаам хилла церан", - яздо хаамехь.

Сыдыковна а, Резвановна бехк биллина герзаца контрабанда лелорна а, контрабандех къайлаха барт барна а, курхалла лелорна а, ахчанаш дахарна а.

Даьллачу зуламца а догIуш, цу шинна набахтехь даккха 20 шераш хан йогIу, - аьлла, билгалдоккху финансийн министралло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG