ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Некъан бохам иккхина Нажин-Юьртахь, байина нах а бу


"Кавказ" федералан некъа тIехь ши машен вовшахкхетта меттигера ши вахархо велла, шайлахь 84 шо долу къано а волуш. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша бина и хаам.

"Ши машен ВАЗ-2117030 а, ВАЗ-2140 "Нива" а тIетта а кхетта хилла бу и некъан бохам Нажин-Юьртахь. Оццу кIоштара бу машенийн долахой, 27 шо долу жима стаггий, 84 шаре ваьлла къано а. Ший а велла йина чевнаш бахьанехь", - яздо хаамехь.

Хьенан бехках хилла бохам толлуш бу полисхой.

Оршотдийнахь ши машен вовшахкхетаран бахаьанашца виъ стаг а леш, некъан хьовзам баьллера Нохчийчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG