ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIун дан деза полисхойн каравахча


Политикан тутмакх хиллачуьнгара 7 хьехам

Оьрсийчоьнан Iедало бехк боцушшехь, терроризмаца доьзна гIуллакх дуьхьал а айдина, 8, 5 шо набахтехь даккхийтинчу Муртазалиева Зараа дуьйцу "Кавказ.Реалиига", муха, хIун дан догIу стага ша лаьцначул тIаьхьа.

Сох хьакхалур дацара иза-м аьлла, нагахь шайн ойла хилахь а, ма йиталаш ца йоьшуш хIара артикл, хьанна хаьа, шун доттагIашна я бевза-безачарна хенан йохалла хIун гур а.

Уггар хьалха хаа дезарг ду, оьрсийн Конституцин 51-чу артиклца а догIуш, шун бакъо ю шайх а, шайн гергарчех а тоьшаллаш ца дан. Хаалахь, муьлхха а хьан багара даьлла дош, хьуна дуьхьал доккхур хиларх.

Хьалхара хьехар: гIовгIа яккха

Нахаладаккхар – йоккха дуьхьало а, гIо а ду, нагахь хьо системин кара кхаьчнехь. Хьан доттагIаша, гергарчара гIуллакх резонансе даккхаре терра аьтто хир бу хьайн могушалла а, дахар а Iалашдан.

Нагахь санна, хьалхарчу дийнахь хьо лацарна гонах цара йоккха гIовгIа йоккхий, там бу ца етташ, тIехь ницкъ ца беш хьо вита. Делахь а, цхьана а кепара дегайовхо яц.

Хьо лаьцначу юкъахь ахь динчо къастор ду, хан тухур ю хьуна я маьршавоккхур ву хьо.

ШолгIа хьехам: хьайн массо а хIума хьайна хьалхха, хьайн карахь йита

Нагахь санна, хьан карахь тIоьрмиг я цхьа кхи хIума елахь, ма йита уьш цхьанхьа а тасий. Полисхочо тIехулара бедар кхуза хьалаолла я тIоьрмиг хIоккхуза охьабилла мега бахахь а, хьайн карара дIа ма хеца. Амма ахь цара бохург а дина, ледарло йиний, камера а хIоттийна, тешаш тIе а гулбина, хьайн тIоьрмиг охьабасабел аьлча, хаа ду хьуна, цу чохь цара кечдина "совгIат" дуйла.

Варийлахь, куьг ма Iотталахь цхьана а хIуманах.

КхоалгIа хьехам: пачхьалкхан адвокат хьан доттагI вац хьуна

Аьттехьа а ма вита хьайна герга пачхьалкхан адвокат. Адвокат бертахь ву хьуна системаца, кехатаца дуьхьало елахь цунна.

Цуьнан хьайха дог лозур ду алий, ма тешалахь. Цуьнгахула ма гIорталахь хьайн гергарчаьрга кост дахьийта а, цо ша эр ду хьоьга, хьан нахе дIадала кехат ло бахахь а.

ХIора ахь аьлла дош, телефонан лоьмар, я цхьа кхи ахь цунах тешийна информаци а дIа а язъйина, полисхошка дIакхачор ю хьуна цо.

БоьалгIа хьехам: полицин ловзарех ма тешалахь

Кеп-кепарчу хьукматийн белхахойн Iедал ду хьуна, цхьацца хIуьцI-пIуьцIалгех ловзуш. Кийча хила веза хьо царна а.

Хьуна хезна хила тарло олуш "дика полисхо", "вуон полисхо".

Цхьана кхоьлинчу, кораш къевлинчу белхан цIа чу валаво хьо. Цхьа ши хаттар а дой, хьуна етта буьйлало цу чохь, кхерамаш а туьйсуш, вуьйр ву, воккхур ву бохуш, нагахь ахь кехаташна куьйг ца яздахь, шайна боххучунна тоьшалла а деш.

Эххар а цу чу вогIу цхьа "дика" талламча. Хьуна гIант а хIоттадой, хин стака а кховдош, хьан юьхь тIера цIийн тIадамаш дIа а дохуш, хьийза иза. "Вочу" полисхочунна тIе мохь а хьокхуш, хьо къинтIера а вохуш, шен коллега шога хьоьца хиларна.

Мал ма лолахь, хьуна хьалха хIитториг кеп ю хьуна.

Ткъа важа полисхойн ловзар тутмакхашна девзина ца Iаш, диссиденташа шайн дагалецамашкахь а дуьйцуш ду цунах лаьцна.

Хьо латточу камери чу валаво цхьа "лаьцнарг". ТIерачу духарца беркъа, хадархоша чувалош, аравоккхуш тIехьоькхучу маьхьарца, гуттар хьо тешош.

Полисхоша шена еттарх, тIехь бечу ницкъах дуьйцур ду цо хьоьга. Сема хила веза хьо эццахь, хьоьгара цхьаъ даккха чухецна ву иза. Доцца аьлча, моттбеттарг олу цунах.

ПхоьалгIа хьехам: вада ма гIорталахь

Ларлолахь муьлххачу а провокацех. Тарло хьо машен чохь "вицван" а, забар яц хьуна и. Цхьана талламан барамашка вуьгуш ву хьо олу хьоьга. ТIаккха цхьана эха сахьтанна хьан хадархоша тесна вуьту хьо машен чохь. Машенчуьра охьа воса ма гIорталахь, хьо вада хьоьвзинера аьлла, кхи а бахьана долу хьуна царна. И ду царна луург. Хьо цхьанна а виц ца велла хьуна, уьш къайла бовларх а, хьан ха деш дехьо кхи машен ю хьуна.

ЯлхолгIа хьехам: хьайн нахах дог ма диллалахь цкъа а

Хьан доттагIий а карабаьхкина, цара тоьшаллаш дина хьуна дуьхьал, шайн дахарехь а, балхаца а проблемаш ца хилийта бохур ду хьоьга. Бохур ду хьан гергарчарна а хьо совваьлла, хьо лоьхуш стаг а вац. Оцу кепехь тIеIаткъам Iаламат чIогIа оьшуш бу талламна, цундела ма тешалахь оцу хабарех. Вац хьо дIатесна, хьо дагахь ву хьан нахана а, дотттагIашна а, балхатIерачу накъосташна а.

ВорхIолгIа хьехам: ларде хьайн багара мел долу дош

Шалха хеттарш хуьлу хьуна талламчийн, сема хила царна жоьпаш лучу заманчохь а. Дийца дезарг бен ца олуш, доцца хилийта хьайн жоьпаш.

Хаалахь, хIора ахь аьлла дош кхана хьуна дуьхьал доккхур дуйла.

15 шо хьалха сан гIуллакх толлучо хаьттира соьга, хьо чу йогIучу хенахь, неIарехь металл лоху гIирсаш гирий хьуна аьлла. "Гира" аьлла, жоп делира ас, церан хIуьмалгаш ца девзачу.

ТIаьхьо сайн гIуллакхан кехаташ луьстучу суна гира "хьалххе металл лоху гIирсаш мичахь бу а хьоьжуш, терго йина а хиллера…" аьлла могIа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG