ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрера урхалла керла низам юккъедаккха гIерта, къайлахчу сервисашна бахархоша WhatsApp а, Skype а программашца деш долчу къамелийн чулацам талла бакъо луш долу. Цул совнаха, цу махкахь Iедалхойн наха телефонашкахула дечу къамелашка ладогIа а, нахана тIехь видеоталламаш бен бакъо шоръян Iалашо а ю австрихойн керлачу урхаллан.

Оцу хьокъехь дIахьедарехь билгалдаьккхина ду, Iедало даккхийчех зуламаш дарна шеконе лаьцначу нехан телефонаш бен ладогIаме хIиттор яц, аьлла. Ишттачу зуламех лору, масала, пхи шо сов хан тоха йиш йолу зуламаш.

Нагахь санна и низам тIеэцахь, Iедалхойн бакъо хир ю шайна шеконе хеттачу нехан телефон тIе дистанционан программа хIоттон. ТIаккха цу телефонехула деш долу къамелаш хаза а, цу чухала язбон хаамаш беша а таро хир ю церан. Нагахь санна Iедалан шеконаш цу ладогIамаша тIечIагIбахь, телефонан дена дуьхьал бехктакхаман гIуллакх схьадоьллур ду.

Ткъа шеконаш бух боцуш хилар гучудалахь, телефонан долахочуьнга официале дIахоуьйтур ду Iедало, цунна тIехь ша тидам беш хиллийла а, цуьнан къамелаш ладегIаме бехкина хиллийла а цуьнга хоуьйтуш.

XS
SM
MD
LG