Германерчу Тюринген лаьттарчу Мюлхаузен гIалахь цабевзачара цIе тесна маьждигах. И бахьана долуш 14 стагана, шайна юккъехь бераш а долуш, эвакуаци ян дезна. 7 стаг чевнаш йина а, ягаран газех дIавш даьлла а лоьрийн цIийне кхачийна.
Маршо Радион корреспонденте Мюлхаузен гIалахь вехачу Нохчийчуьра орамаш долчу тешо дийцарехь, маьждиган гIишло ерриге а яьгна дIаьялла, иза чукхета там боллуш ю. Маьждигал сов кхин цхьа могIа фирманийн офисаш йохь йолу йоккха гIишло ерриге а хIаллакйина цIаро.
Тюрингерчу полицин дIахьедарца, цIе ша шех яьлла а йоцуш, талорхоша тесина хиларх шеко яц. Маьждиган гIишлонна гонах йиъ меттехь гучудевлла Iедалхойн лерина Iамийначу жIаьлешна цIеран хьостанаш. Полицино лохуш бу цIе теснарш.
Масех кIира хьалха Германерчу Хаале гIалахь а дагийнера маьждиг. ХIетахь цIаро чевнаш йира цхьана стагана.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!