ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна луьйчу артистийн тептар зорбане даьккхина


Актер Райкин Константин
Актер Райкин Константин

Оьрсийн "Керланаш" агенталло зорбане даьккхина шайн пачхьалкхна а, цуьнан бахархошна а критика ечу актерийн тептар. Цу юккъе бахна Оьрсийчохь йохучу киношкахь дакъа а лоцуш, ахча оьцурш.

2012-чу шарахь дуьйнна Канадехь шен доьзалца веха Серебряков Алексей а, Дюжев Дмитрий а, Донбассехь украинхошца тIом бен Пашинин Анатолий а ву тептаре язвина.

Иштта агенталло билгалваьккхина "Сатирикон" театран исбаьхьаллин куьйгалхо, "даим а пачхьалкхна луьйш волу" Райкин Константин а.

Тептар вовшахтоха бахьана хIоьттира артиста Серебряков Алексейс Дудь Юрийна елла интервью. Оьрсийчоьнан бахархойн къоман идейх хаьттича, "ницкъ, эхь дар" ду эаьлла жоп деллера цо.

Масех културан декъахочунна ца тайнера цуьнан дешнаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG