ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь тIом бинчу оьрсийчо герзаш диттина некъан бохамехь


Меттигерчу вахархочунна дуьхьал гIуллакх диллина Петрабухахь, цо ши стаг вен Iалашонца тIелатар дарна а, полисхочун маршо хьашарна а.

Талламхойн урхаллан хаамашца, кхаарин суьйранна гIалин некъа тIехь ши машен Volvo а, Ford а вовшахкхетта хилла. Машенашлелорхошна юкъахь дов даьлла. Ford автомобил лелочу зудчо шен цIийнда кхайкхина хилла бохамна тIе. Герз дахьаш схьавеанчу цо шина стагана чевнаш йина. Орцанна кхаьчначу полисхочунна а тIе герз хьажийна, кхерамаш тийсина хилла зуламхочо. Дийцарехь иза мелла хилла. Карарчу хенахь оцу инцидентна гонах дIахьош талламаш бу.

"Фонтанка" гIирсо дийцарехь, герз кхийсинарг Нохчийчохь тIемаш бина салти Лосев Дмитрий ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG