ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалахь "Ахмат" фан-клуб кхолла Iалашо ю


ПIераскандийнахь Соьлж-ГIаларчу кегийрхойн хIусамехь цхьанакхетар хир ду Нохчийчуьрчу кегийрхойн гIуллакхийн министран, "Ахмат" футболан клубан вице-президентан Ибрагимов Iийсан тобан фанаташца. Цигахь дийца лерина ду "Ахмат" фан-клуб вовшахтохарх. Иштта цхьанакхетарехь дакъалаца лерина ву "Ахмат" клубан ловзархо, векал а, "Ахмат Арена" стадионан векалш а.

"Массо а футболан фанат кхойкху оха тхайх схьакхета", - аьлла, яздина Ибрагимов Iийсас Mylistory-н шен пена тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG