ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХьаьжцIа воьдург мехаш дазделла кху шарахь


СаIуда Iаьрбийчу зиярате вахар кху шарахь 20 процентна дазделла. ХьажцIа воьдуш яккхий харжаш ян дезаро зиярате баха лаам лахбина бахархойн, дуьйцу "Кавказан узел" агенталло бахархошка хаттам бинчул тIаьхьа. Маршо Радионо ма дийццара, стохка ХьаьжцIа баха Нохчийчоьнна елларг 2600 квота яра. Ткъа ши эзар гергга бен вовшах ца кхийтира зиярате баха хьаьгнарш.

Муфтиято бахарехь, некъан мах стохка хилларг бу, 3100 долларшкахь, амма мах 20 процент совболу цуьнца цхьана догIучу кхечу хьашташна.

Дахначу шарахь СаIуда Iаьрбийчоьнан Iедалша 540 доллар ял йиллира хьаьжцIа шолгIа боьлхучарна. Кху шарахь а Нохчийчуьрчу зияртхошна 2600 меттиг кхачийна, дуьйцу Динан урхаллехь.

Заздоккхучу -беттан 1-чу дийнахь дуьйнна ХьаьжцIа баха луучаьргара чуэца долош ду кехаташ.

Болчу хаамашца, кху шарахь Макка воьдург 3500-4000 эзар доллар бу мах. "Стохка зияртхоша масех де доккхучу Мина олучу тогIи чохь хIусамаш яра кечйина, цу чохь хIиттийна кондиционераш яра, цундела мах хьалабаьккхинера 220-320 долларшкахь. Иштта мах бестийнера Мекка-Минера Арафат Муздалифа-Мина-Мекка йоьдучу автобусна а. Ткъа хIинца оццу хьаштех мах 20 процентна хьалабаккха лаам бу церан", - аьлла муфтиятан векало "Кавказан узел" агенталле.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG