ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаIишхошца уьйраш хиллачу гIалгIачунна 15 шо хан кхайкхийна


Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан цхьана декъехь лаьттинчу ГIалгIайчоьнан вахархочунна Абадиев Мохьмадна 15 шо хан кхайкхийна меттигерчу кхело, хаамбо республикерчу ФСБ-ехь. 2015-чу шарахь ДаIишхойн тобанах дIакхетта хилла и жима стаг. Тобан лурчах вийначу лидеро шен теш вина а хилла цунах.

"2016-чу шарахь хьалханча вийначул тIаьхьа Шема дIаваха гIоьртина хилла иза дуьненаюкъарчу террорхойн организацех дIакхета лаамца. Оццу шеран гурахь къайлахчу сервисаша лаьцнера Абадиев герзаца цо дуьхьало ечу заманчохь", аьлла, дийцина ГIалгIайчоьнан ФСБ-но "Интерфакс" агенталле.

Бакъо йоцуш герз лелор а, террорхойн тобанехь латтар а тидаме а эцна, набахтехь даккха 15 шо хан тоьхна Абадиевна.

ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зерашца, Шемахь тIом болабелчхьана республикера 200 вахархо дIакхетта "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах.

XS
SM
MD
LG