Еаридийнахь 14-гIа ду Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран Федералан гуламехь вистхилар. ХIинццалц Кремлехь къамел деш лаьттина традици а йохош, Путинан вистхилар нисдина кху шарахь Йоккхачу Манежехь. Яхначу заманчохь ГIуран-баттахь хуьлура и барам, ткъа хIинца Зазадоккхучу-баттахь, президентан харжамашна гергарчу заманчохь.
Хаамийн гIирсашкахь дуьйцура, хьалха политикан элитаца къамел деш хиллехь а Путина, хIинца Оьрсийчоьнан боллучу бахархошка хир ду цуьнан вистхилар аьлла. Доккхачу декъанна президента дийца лерина ду, Кремло Iорадаккхарца, тIедогIучу 6 шерачохь президенто дан оьшучух.
Дуьххьара депутаташка а, Федерацин Кхеташонан декъашхошка а вистхилира Оьрсийчоьнан хьалхара президент Ельцин Борис 1994-чу шарахь.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?