ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркехь герз доккхуш, лецнарш Нохчийчуьра ца хилла


Дуккхаъчу информацин гIирсаша шинаридийнахь яздора, Iамеркехь Нохчийчуьра ши вахархо лаьцна герз пачхьалкхера арадаккха гIерташ, аьлла. Буьйцурш бара Вирджиния Штатерчу полисхойн хаамашца, Александриин бахархой – 28 шо долу Садыков Тенгиз а, 27 шо долу Резванов Эльдар а. Полисхоша бахарехь, Александриин шина вахархочо 100 герз эцна хилла, Нохчийчу дIакхачорхьама.

Сыдыковна а, Резвановна бехк биллина герзаца контрабанда лелорна а, контрабандех къайлаха барт барна а, курхалла лелорна а, ахчанаш дахарна а. Даьллачу зуламца а догIуш, цу шинна набахтехь даккха 20 шераш хан йогIу, - аьлла, билгалдаьккхинера финансийн министралло.

Ткъа еаридийнахь Iамеркан финансийн министралло керла хаамбо, лецнарш ГIиргIазойчуьра схьабевлла бахархой хиларх.

Цул совнах, "Оьрсийчоьнан газетан" информацица, цушиннах цхьаъ – гIиргIазойн Iамеркехь хиллачу векалан Садыков Замиран кIант ву.

Iамеркан прокуратурано гIалатца билгалбаьхна хилла полисхоша лецнарш нохчий болуш санна аьлла, яздина The Washington Post газетано а.

Iамеркан Iедалша бехкебо кегийрхой пачхьалкхан герзана экспорт ян ца магон низамаш а дохош, кийтарлонца Iамеркера герз арадаккха гIортрана.

"Коммерсанто" яздарехь, герзан цхьа дакъа Соьлж-ГIала дIахьажош хилла лецначара. Къаьстина даьлла, Нохчийчохь герз хьаьнга дIакхачош хилла а. Цкъачунна цхьанен а цIераш яьхна яц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG