ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра хьафизийн школа гоне ерзийна хилла полисхоша


Еаридийнахь ГIалгIайчуьрчу Долаково эвларчу хьафизийн школана го лаьцнера тIеман техникаца а, туьтмIаьжгаш йоьхкинчу наха талламаш а беш. КъорIан Iамочу хIусамехь доьшуш ду 8 шарера 12 шаре кхаччалц долу бераш. Гинчара дийцарехь, школана хьалха гулбелелера берийн дай-наной а, меттигера бахархой а, амма гIишлонна чу цхьа а ца вуьтура.

ГIалгIайчоьнан Муфтиято Iуналла а деш, хьафизийн школа болх беш йолу масех шо а ду, оцу заманчохь цара арахецна 30 хьафиз.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG