ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьенан бехк бу газ иккхича: нехан я Iедалан?


Масех де хьалха Эвтарахь МударовгIеран хIусамах цIе яьлла, цуьнах боккха бохам хилла. Чуьра бераш а, баккхийберш а багийна, яккхий чевнаш а хилла, дарбан хIусамашка кхачийна. ХIинца а хьал ледара ду церан.

Оцу хиллачо юха а карладаьккхина махкахь, хIора шарахь аьлча санна, къаьсттина IаьнтIехь, газ лелор алсамдолучу хенахь, и санна бохамаш дукха хилар.

ХIора дийнахь, Iаьнан заманахь махкахь цхьаъ-шиъ цIе ца йолуш ца хуьлу аьлла хаам го меттигера чолхечу хьолан министраллан сайт тIехь.

ТIаьххьара Эвтарахь хиллачу бохамах, оцу министраллан векало бахарехь къастийна дац бахьанаш.

Газ тIеялийна а ца хилла цигахь, баллон хилла бохуш ду, амма иза а цигахь карийна яц, элира министраллан белхахочо. Къастийнарг ду и цIе ялар цу чуьра хилар аьлла, дийцира цо: "И газ, биргIанах Iуьрг а даьккхина, дIа ца эхарх, хьан тоькан, я кхиболу гIирс нийса бацахь а, кор-неI а кеъвлина ахь газ ягаяхь а, цо хIаваъ дагадо. Юьсург кIормуьсталлийн газ хуьлу. Оцу газо стагана наб кхоьтуьйту, тIаккха валар хуьлу. Иза ца хууш дукха нах бу вайн.Тухий, кор-неI дIа а къовлий, чоь йохйо олий, дIабуьйшу".

Кхечу говзанчаша бахарехь, газ лелор, цуьнца йолу кхерамзалла наха лелош ца хилар бахьана ду, иштта бохамаш хилар. Яьгначу газах дIовш даьлча Iедал бехке до вай, амма наха дукхачу хьолехь, шаьш иза нийса лелош яц, элира оцу газ латточу урхаллехь болх бечу Вахидов Руслана: "Совета заманахь ма чIогIа дара-кх (Iуналла) иза.

ХIинца бала бан а бац цхьаннан а. Баллонаш атта ма лелайо хIинца. Газан гIирсан форсункаш юкъ ма ло, атта а юкъло. Сара санна юьткъ ма ло иза. Юха газ тIекхета. Хийла иштта хилла зулам ду-кх".

Хьалхалерачу Советан заманца дуьстича, ша газ а цIена яц, цунна тIехь деш долу Iуналла а дац, элира Соьлж-ГIалара вахархочо Адиев Булата: "Хьалха Iуналла чIогIа дара латтош. Газ дIайойучу хенахь хаам бора. Латочу хенахь а олура. ХIинца цхьа а хIума дац. Контролеран а ахча деккхичхьана бала бац. Цундела ду-кх и цIерш йийлар".

Низамашца догIуш ду, хIора баттахь газ лелочу гIирсан говзанчас таллам бан безаш хилар. Масала, цуннна дуьхьала хIора петарара массо а баттахь охьадуьллу 50 сом. И болх беш гина стаг а вац. Кхана-лама газ-пешах цIе яьлла, цхьа бохам хилча, шайний-шайний тIера бехк дIатуьтту цунна жоьпалле йолчу урхаллаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG