ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрин керла канцлер Курц Себастьян Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца цхьаьнакхета вахар критике до меттигерчу хаамийн гIирсаша. Евроберто Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна санкцеш а йолуш, Австрин канцлер Москох вахар, ца догIуш хета австрихойн журналисташна. Цул совнаха, Нохчийчура мухIажарш Австрино цIахьежон болийначу муьрехь и тайпа визит яр кхардаме лору цара.

Цхьа могIа тIеIаткъамечу газеташа карладаьккхира цу хьокъехь, Австрин канцлер Курц Москоха вахале масех кIира хьалха австрихойн Iедало Нохчийчуьра бевдда баьхкина мухIажарш иттанашкахь гул а бина, нуьцкъаха Оьрсийчу дIахьовсийна хилар. „Стандарт" газетано хьахийра цу хьокъехь, Оьрсийчуьрчу мехкашлахь адамийн бакъонашца уггаре а чолхе хьал Нохчийчохь хилар. И хьал тергал а ца деш, цигара бевдда баьхкина мухIажарш Оьрсийчоьнна дIабалар Курц Себастьянан урхалла Iедале деъчахьана алсамдалар билгадоккху газетано.

Нохчийн журналист, адамийн бакъонашларъярхо Эстемирова Наташа йиначу дийнахь ша Путинца цхьаьнакхеттехь а, иза цо ца хьахор а гIалат лору журналисташа.

Австрин канцлер Курц Москох цхьа могIа оьрсийн адамийн бакъонашларъярхошца цхьаьнакхийтира. Царна юккъехь "Мемориалан" а, "Голос" олучу организацийн а векалш бара.

XS
SM
MD
LG