Шоьтадийнахь Лужникехь Путин Владимиран агIончаша хIотточу митинг-концерте гулбен пачхьалкхан белхахой а, студенташ а, цхьайолчу компанийн белхахой а я бертаза гулбеш бу, баьхкинчарна хIоранна а 500 сом кхачор ду аьлла. Хаам гучубаьккхина massovki.net сайтан агIонехь, дуьйцу "Эхо Москвы" радиостанцино. Цо бахарехь, ца лаахь а, лууш санна гулбеш бу оцу митинге Москохарчу коммуналан хьукматийн (Мосводоканалан, Гормостан, "Жилищникан" белхахой а.
Кхечу регионашкара студенташ а балор бу аьлла оцу бараме. Цхьа могIа хаамашкахь дуьйцу, чувоьду билет тIе яздина цIе хир ю хIораннан а. Баьхкинчийн терго еш хир бу Федералан хадаран гIуллакххой.
РБК-н информацица, 100 эзар стаг оцу акцехь вовшахтоха Iалашо ю Iедалан. Президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс оцу митинге ша Путин кхача а сахьт дац аьлла.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ