ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хаджиев Саламбек кхелхина


ПIераскандийнахь кхелхина нохчийн бизнесхо, политик, нефтехимик, химин Iилман доктор, РАН-ан академик Хаджиев Саламбек. ЦIе ца йоккху лазар кхетта, тIаьххьарчу хенахь Израилехь дарба лелош вара иза.

Советан заманахь дуьххьара министран даржехь хиллачех ву Хаджиев. 1991-чу шарахь химин, мехкадаьттан индустрин урхаллехь вара иза.

750 сов Iилман белхийн автор ву иза, иштта цо язйина 4 монографи а. Оьрсийчоьнан а, кхечу пачхьалкхийн а 220 патентийн авторан тоьшаллаш ду цуьнан. Хаджиев Саламбек вина Шелахь 1941-чу шарахь.

Маршо Радионо кадам бо Хаджиевн гергарчаьрга, Дала гечдойла цунна, Дала декъал войла иза!

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG