ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаIишхойх дIакхета гIортарна хан тоьхна нохчочунна


Австрерчу Корнойбург гIалахь пIераскан дийнахь 1 шой 8 буттий хан кхайкхина 22 шо долчу нохчочунна. Иза бехкевина дахначу шарахь шеца цхьа кхин накъост а волуш, цкъа хьалха Туркойчу, ткъа цигара Шема тIаме ваха гIортарна.

2017 - гIа шо довш ша Iедална тIе а вахана, шен бехкана мукIарло динера цу стаго, шеца Шема ваха гIиртинарг лаца а лаьцна, чувоьллинчул тIаьхьа. Амма кхелехь ша бехке хилар тIе ца дитинера. ХIетте а, цуьнан бехк шеко йоцуш лерира кхело, иза Шема ваха гIерташ хиларна дуккха а тоьшаллаш прокуратурано дахкийначул тIаьхьа.

Иштта, масала, Iедалхошна гучудаьллера, цо новкъавала кечлуш шен машен а, шен петар чуьра хIумнаш а йоьхкина хилар. Эзар герга евро ахча а делла, харц иллегале паспорт а эцнера бехкевечо, элира прокуроро. Цул совнаха, ша Венерчу аэропортехь полисхошна шеконе ца хетийта, маж дIа а яьшна, шен сибат хийца гIоьртинера иза, Iедалхоша чIагIдарехь.

Цхьана шарера итт шаре кхаччалца хан тоха йиш йолчу кIантана таIзар кIеда хилар, иза Шема дIаваха ца кхиарца а, ткъа иштта иза ша Iедална мукIарлонца тIевахана хиларца а доьзна ду элира кхелахочо.

Корнойбургерчу кхелехь Маршо Радиона тIечIагIдира, цу стагана тоьхна хан нуьцкъале йирзина хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG