ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн вахархо Оьрсийчоьне дIавелла Германино


Долларшкахь 5 миллион даккха гIортарна бехкевинчу Оьрсийчоьнан вахархочунна Нукаев Лом-Iелина экстрадици йина Германино. Оьрсийчоьнан Инарла прокуратурано бина и хаам.

Дийцарехь, 1998-чу шарера 2000-гIа шо тIедаллалц шен декъахошца Оьрсийчоьнан вахархо а лаьцна, иза юьхьанца Азербайджанехь, цул тIаьхьа Къилбаседа Кавказехь йийсарехь латтийна цо. Цул совнах, цунна тIехь ницкъ а бина, кхерамаш а туьйсуш хилла. Лаьцнарг маьршавоккхург цара доьхуш хилла долларшкахь пхи миллион ахча.

Оьрсийн ницкъаллийн структураша леринчу операцехь зуламхойн карара ваьккхинера лаьцнарг.

Оьрсийчоьнан Инрала прокуратурано дийцарехь, Нохчийчоьнан Шелан кхело и гIуллакх листа долийначу заманчохь Нукаевн къайлавала аьтто баьллера. Иза дуьненаюкъарчу лехамашка веллера Iедало.

Стохка гурахь Германехь Нукаев Лом-Iела полисхоша лаьцначул тIаьхьа, Оьрсийчоьно дIавехнера иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG