ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даудов а реза ву керлачу ракетанна "Пальмира" цIе тилла


Керлачу ракетанна "Пальмира" цIе тилла еза аьллачу мехкан куьйгалхочунна тIетайна республикерчу парламаентан спикер Даудов Мохьмад.

"Сан хьомсарчу вешина, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дагаеана ша-башха верси Iаламат дика а ю, йогIуш а ю", - аьлла, яздина Даудовс шен Mylistory-н пена тIехь.

Еарийдийнахь президента Путина ша хIора шарахь Федералан кхеташоне ден дIахьедар довзуьйтуш элира, Оьрсийчоьно керла тIомайолу ракета а, хин бухахула лела зарратан кеманийн система а арахецна, амма оцу герзна цкъачунна цIе тиллина яц, аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана оцу сохьта дIакхайкхийра, Шемахь беллачу оьрсийн салтийн сийнна "Пальмира" цIе тилла еза керлачу ракетанна, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG