ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эвтарахь газ иккхина лазийнарш Новгороде кхачийна


Нохчийчуьрчу Шела кIоштахь газ иккхина, лазийначу итт стагах 4 халчу хьолехь хиларна орцан министраллан леринчу кеманца Лахарчу Новогородерчу медицинан талламан центре кхачийна аьлла, хаамбина "Кавказан узел" агенталло.

Маршо Радионо яздира, байначу беттан 27-чу дийнахь Шела кIоштарчу Эвтарахь цIа чохь газ а иккхина, оцу цхьана хIусамчуьрчу итт стагна чевнаш йина аьлла. Уьш берриш а Соьлж-ГIалин лоьмар 4 йолчу дарбан цIийне кхачийнера. Орцанхошна хетарехь, газан биргIанаш кхачам боллуш тойина ца хиларна нисбелла и бохам.

ПIераскан суьйранна уггар а вочу хьолехь хилла 4 орцан министраллан "Суперджет Сухой 100" кеманца Новгороде дIабигина аьлла агенталле могушалллан министраллехь.

Бисинарш цкъачунна Соьлж-ГIаларчу дарбан хIусамехь Iохкуш бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG