ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрин Iедало полици балха кхойкху нохчий


Венерчу полицин урхалло балха кхойкху цу гIалахь дехачу тайп-тайпанчу къаьмнийн диаспорашкара нах. Къаьсттина лаам бу Iедалхойн, нохчийн кегирхой а, мехкарий а полицин балха бахкийта.

Статистикан терахьашца, Австрин коьртачу шахьаран хIора а пхоьалгIа вахархо мигрантийн кхоллам болуш я кхечу къомах орамаш долуш ву. Цундела тайп-тайпана меттанаш хууш болу, тайп-тайпанчу къаьмнийн менталитет евзаш болу нах полисхойн могIаршлахь хилар мехала лору Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин куьйгалло.

Нохчийн кегирхошна а, мехкаршна а полицехь болх баран дика агIонаш йовзийтархьама Венерчу вайнехан цхьаьнакхетараллашкахь информацин суьйренаш дIахьош а, шайн инфоматериалаш яржош а болх бо Iедалхоша.

Полице балха хIоттар луучарна аттачу даккхархьама цхьа могIа хIинцалц схьа хиллачул атта даьхна Iедало цига балха дIаэцаран хьелаш.

Бакъду, коьрта хьал - Австрин пачхьалкхан олалла тIеэцна хилар нуьцкъала дисина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG