ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!
please wait

No media source currently available

0:00 0:05:02 0:00
Линкана тIе

Нохчийн юкъараллах тахана язъечу дукхаъчу журналисташа а, кхечу тергамхоша а билгалдоккху, кхузахь хIинца а тайпанийн уьйраш чIогIа ю аьлла.

Цара оцу дуьйцучуна маьIна до, кхидолу низамаш кIела а даьхьна, шайн ширачу Iадаташца даха гIерташ къам ду иза аьлла. Массийта низам Нохчийчохь лелаш хилар бакъ ду, амма тайпан йозалла лахъелла аьлла хетало, и хьал кIорггера толлучу историкашна.

Царах цхьаъ ву нохчийн пачхьалкхан университетан доцент Натаев Сайпуди. 2013-чу шарахь цо нохийн тайпанаш кхолладаларх а, тахана церан мехаллах а дийцира: "Тайпанийн институт кхоллаелла ю 500-600 шо хьалха, Тимур вайна тIелеттачу хенахь, адам алсам лома хьаладаха дезначу хенахь. Хьелаш хилла чолхе: латта ца тоьаш, адам дукха долуш а. Шайн йиш-вешийн дола дан дезаш кхоллаелла тобанаш хилла-кх уьш. Оьрсийн маттахь "социальная форма организации" олу-кх цуьнах".

Стаг тайпан Iуналлехь хилар сов, цунна а тIедужуш хилла доккха жоьпалла. Иза хьалха хилла хIума ду, тахана кхечу агIор хийцаделла иза. Кегирхошна шаьш мичара схьадевла цахаарал сов, муьлхачу тайпанара ду а ца хаа аьлла, билгалдоккху Iилманчас Натаев Сайпудис: "Соьга хаьттича тахана тайп бохург дицдан ца деза, хIунда аьлча, тIетаьIIина йоьдуш глобализаци ю,шен орамаех дIа ца хадийта, иза хаа деза.

Цхьа иттех шо хьалха студентан экзамен дIахIотторхьама, ас хаьттира муьлхачу тайпанах ву аьлла. Шена ца хаьа элира цо. Мичара ву хьо, аьлла, хаьттича, 6 -чумикрорайонера ву элира цо.

Оцо гойту, кегийчеран хьекъал а, кхетам а гIаланашка бирзинийла. Боккъал а дийцича, ахь студенташка, хьо муьлхачу некъах ву аьлла хаьттича, 100-на юкъахь 10-15 бен ца хуьлу иза хууш".

Нохчийн муьлхачу къоман санна кхинхетаме хилар амалехь ду. Хьалхалерачу заманахь шуьйра даьржина хилла, кхечу къаьмнех нах тIелацар. Иштта нохчаша а тIелаьцначарах тахана махкахь девзаш тайпанаш дуьйладелла. Ехха зама яллалц тIебаьхкина нах тидамехь латтош хилла нохчаша аьлла, кхин дIа а дуьйцу историка Натаев Сайпудис: "Аарара стаг шайна йисте охьа а хаавой, латтош хилла. Цунна мохк луш а ца хилла.

Цуьнах хIун долу хьожуш хилла. Цхьана цIийно шаьш тIелоцур ву олий, шайна тIе и декхар лоцуш хилла. Цул тIаьхьа болчо сту а боьй, сту боцучо газа йина тайпан вежарий нах а бу вайна юккъахь. ЦIе яьккхича бевзар бу уьш. Вай цуьнах дуьйцур дац. Юха, цуьнах сагIа а доккхий, нахана дIа а кхайкхош, хIума деш хилла.

ТIеэцна стаг бухахь болчу нехан гIиллакхашца а, гIуллакхашца а ваха везаш хилла. Ткъа, бухахь болчу наха и стаг ларван везаш а хилла, цуьнах жоп луш а хилла. Иза хьалха хилла ду. 1930-чу шерашкахь Украинера схьабаьхкинчу нахах доладелла некъаш ду. Суна цIераш яха ца лаьа церан. Бусулба дин тIе а эцна, нохчийн зударий а балийна Iаш и нах бу".

Тахана тIебаьхкина хилла бу бохуш, дийца оьшуш ду аьлла ца хета нохчашна а, шена историкна а. Кху чолхечу заманахь аьттехьа а дан мегар долуш хIума дац элира Натаевс: "Нохчийн аьлла, стаг маца лоруш хилла хьуна аьлча, цуьнан кхозлагIа да арахь дIавоьллина ца хилча. ТIаккха лоцуш хилла иза тIе.

Йийначу бежанан маIаш а, корта а цхьанхьа билггалчу меттигехь лаьттах бохкуш хилла. И нах совбовла буьйлабелча, шайца гIиллакхах боьхча, шу нах, шу муьлш ду хаьий шуна, и маIаш оцу меттехь дIайоьхкина ю шуна, олуш хилла. Амма тахана иза лело оьшуш дац. Вай иштта а бертах доьхна ду".

Муьлхачу дехкаршна а, низамийн буржалшна а беламе хIума доккхуш а хилла нохчаша. Яьржина забар ю, масала тайпанех лаьцна. Хьо муьлхачу тайпанах ву аьлла шега хаьттича, со цкъачунна зуда ялийна вац, аьлла жоп делла хилла жимчу стага.

Ткъа, забар а йоцуш ойла йича, дуьненаюккъерчу хьоло юха а айдан там бу нохчийн тайпанан мехалла. Барт хилча, муьлхха а хало а, бала а лан атта долу дела.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Аш муха туьду Парижехь хилларг?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG