ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!
please wait

No media source currently available

0:00 0:06:45 0:00
Линкана тIе

Димаев Iелица цхьаьнакхетар даима а бу кхаъ - ладогIархошна а, журналисташна а. Нохчийн мукъамчийн могIаршлахь тIаьхьарчу 30-40 шерашкахь уггаре а тIеIаткъаме а, ша-башхачу похIмица а, ша башхачу эшарш язъяран а, дIааларан а хотIаца а цхьаннах а тера а воцуш, цхьанца вуста а ца луш композитор а, иллиалархо а ву Димаев Iела.

Даханчу бIешеран 80-чу а, 90-чу шерашкахь уггаре а кхиаме а, эвсара а мур бара композиторан. ХIетахь "Зама" ансамблан куьйгалхо а, солист а хиллачу цуьнан цхьаъ вукхунна тIаьхьа араюьйлура керла эшарш а, мукъамийн альбомаш а. Шена а, ша кхоьллинчу "Замина" а язйина ца Iаш, цхьа могIа нохчийн эшаршлакхархошна а язйора цо эшарш. Уггаре а хьалха Ташаева Маремана а язъеш.

Хьалхара тIом балале Соьлжа-гIаларчу концертийн кхерчашкахь "Зама" тобан концертехь цхьа а мукъа меттиг ца хуьлура, ткъа билеташ дукха сиха дIасадовдадора.

Ткъа хьалхара тIом дIа а баьлла, тIамо чахчийна халкъ эххар а машаречу дахаре сатесина, хиндолчуьнга диканах тешарца хьоьжучу муьрехь, Соьлжа-гIаларчу стадионехь Димаев Iелас еллачу концертехь ког хIоттон меттиг боцуш дукха адам гулделлера. Цу концертехь дуьххьара лекхира Ташаева Марема Iелица цхьаьна хIинца цIарна цIеяхна йолу, ур-аттала кхечу къомахчу артисташа а лоькхуш йолу "Бусалба сан Нохчийчоь" цIе йолу илли.

ШозлагIа тIом баьллачул тIаьхьа Москох дIавахана Димаев тахана а, шен 60 шо сов хан елахь а, кхолларалла кIордийна вац. Иза гуш дара кху кIиранашкахь цо Европерчу масех пачхьалкхашкахь турне ечу хенахь.

Уцаева Маликиций, Айдаева Мариниций цхьаьна уггаре а яккхий нохчийн диаспораш йолчу Малхбузерчу гIаланашкахь концерташ елира нохчийн халкъан артисто Димаев Iелас.

Маршо Радио цхьаьнакхийтира цуьнца рогIера концерт цо еллачул тIаьхьа. Димаев Iелас дуьйцу: "Кху шарахь Маликиций, Мариниций турне еш ду тхо, Европера дIадуьйладелла Казахстанехь, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а концерташ яла дагахь ду тхо. Со ноташ язъеш, эшарш а кхуллуш, сайн болх дIахьош ву. Кхолларалла цхьана денна а сацон йиш яц. Нахаца суна декъалууш, мукъамашца дийца лууш дисина кхин а хIумнаш ду сан. Сайн къам сайна дезарна, цуьнца сан йолу цIе а, шовкъ а хIинца а янза хиларна. Дала сайна ницкъ мел ло дIакхоьхьур бу ас и болх".

Димаев даим а вара шен кхоллараллехь тайп-тайпанчу мукъамийн жанрашца эксперименташ еш. Цуьнан шен дена Дими Iумарна лерина йолу "Пондаран аз" цIе йолу йиш дуьххьара араяьлча, дуккхаъ вайнах цецбевллера, цхьаццаберш резабоцуш а бара, пондарх йолу йиш рок-мукъамийн жанрехь муха язйийр ю бохуш.

Амма Димаев Iелин башхалла а, цуьнан эшаршкахь тоьлладерг иза дара даима а - халкъан мукъамаш вайназаманахьлерчу мукъамийн дуьненца синтезе бахкор.

Тахана а гергара ду шена иза, боху Iелас, шен дагчохь ша тахана а къена рок-н-роллхо хета шена: "Хенаца сан шераш тIе мел кхета а, халкъан кхолламца а, историца а доьзна хIумнаш а, халкъан мукъамаш а гергох хуьлу суна. Ткъа суна уггаре а гергара стиль – иза симфорок олуш ю, къоман мукъамаш рок-мукъамашца цхьаьна а бахкош.

Пондарна а, халкъан мукъамашна а тIехь кхиина ву со, дадас уьш лоькхуш. Иза суна гергара ду. Делахь а, сан лаам бу кхечу къаьмнашна вайн мукъамаш а, вайн къоман хазалла а гайтар а, вай а дуьненчохь лелаш болчу кхинболчу мукъамийн меттанех кхеташ дуйла дIагайтар а".

Гастролаш а, концерташ а - артистан дахарехь ца хилча ца довлу некъаш дар хала хIума санна ца го шена, мелхо а, шен къоман кхолламца ша цхьаъ веш долу хIума санна тIеоьцу ша иза бохуш дийцира Димаевс.

Европехула турне еш волчу шена гира боху цо, мел дукха доьшуш а, Iилманаш Iамош а, къоман хиндолчунна пайдехьа хир болуш а кегийнах а, мехкарий а бу Малхбузерчу нохчийн доьзалшкахь кхуьуш: "Дика нах карийра тхуна тхаьш лелачехь. Артистан а, кхоллараллин нехан а некъаш дан дезаш хуьлу. Тхуна коьртаниг - Даймахкара деана долу мукъамийн коста, вайн къоман эшарш аренца бехачу нахе дIакхачор ду.

Тхуна ги дукха доьшуш, корматалла Iамийн а кегий нах. Вайн къомах нах мичча а кхаьчча, вайн дикалла кхечарна дIа а гойтуш, кхечу нахера дика хIума ваьшна Iама а деш хила беза. Дукха хIума ду вайна кхечаьргара Iама. Хаза деша а дешна, корматаллаш а Iамийна вайн махкана и хаарш пайдехьа дан гIорта дезаш ду вай. Вай лелош дерг дерриге а вайн мехкан диканна хила деза. Дала цуьнан диканехь вовшахтухийла вай массо а".

Димаев Iела Нохчийчоьнан гимнан автор а, Маршо Радион эфир йолоран а, ерзоран а мукъамийн автор а ву. Шен къоман кхоллам а цуьнца цхьаьна лайна а, цу кхолламан хIора а чолхе голатохарехь цуьнца цхьаьна хилла а волчу Димаевс халчу хьелашкахь базбина шен мукъамаш, шен эшарш а даима а.

Тахана, цуьнан 65 шо кхочучу юбилейн шарахь композиторна шен театр я, ур-аттала, тоьллачух студи а, цу чохь беккъа цхьа кхоллараллин болх бар бен, кхин дуьненан рицкъана сагатдан цуьнан ца оьшу хьал я Iедало я таро йолчу меценаташа кхоьллинехь, дукха хаза мукъамаш а, эшарш а кхуллур яра цо, боккха пайда бохьур бара нохчийн къоман културина.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Дуьненан футболан чемпионат шайн цIахь дIахьош хиларе терра, Оьрсийчоьнан бахархоша сагатдо мехкан футболна. Шу дуй оцу декъах?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG