ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харжамашна леринчу бараме бертаза бигина Нохчийчуьра бахархой


Соьлж-ГIалин, Устрада-ГIалин, Гуьмса кIоштан хьукматийн белхахоша шаьш бертаза дигира аьлла "Кавказан узел" агенталле, махкахь дIаяьхьначу Оьрсийчоьнан президентан харжамашна лерина машенаш хохкучу акци. Кегийрхойн "Ахмат" боламан жигархоша вовшахтоьхна автомобилаш хахкар дIадаьхьна масех Нохчийчоьнан кIошташкахь.

Иштта карарчу беттан 5-чу дийнахь дIаяхьа Iалашо ю харжамашна лерина спортан флешмоб. Дийцарехь, оцу бараме гулван лаам бу инициаторийн 5 эзар стаг.

Харжамашка дуккха а нах бахкийтархьама Iедалша юкъа ца доккхуш хIума дац аьлла агенталле бахархоша.

"Агитаци ю дIахьош тIетаьIIина, студенташца, бахархошца, белхахошца цхьанакхетарш а деш. Нохчийчохь кхаьжнаш таса баьхкинчийн терахь уггар а лакхара ду аьлла, дIакхайкхорхьама лелош ду и хIуманаш. ТIаьххьарчу шерашкахь 90 процентал лахара ца хуьлу Нохчийчоьно харжамашкахь гойту терахьаш", -аьлла "Кавказан узел" агенталлан корреспонденте махкарчу бахархоша.

Маршо Радионо хаамбира, Оьрсийчоьнан президентан харжамашна лерина автомобилаш хаьхкина Нохчийчохь аьлла.

Акцин инициаторш хилла "Ахмат" патриотийн клубан жигархой а, махкара ДОСААФ а, хаамбина мэрехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG