ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асад юхавала дагахь вац Малхбалерчу Гутехь


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Шеман президенто Асад Башара дIахьедар дина, шен эскарша сацор яц Димашкана гергарчу Малхбалерчу Гутехь дIахьош йолу тIеман операци аьлла. Цуьнан ницкъаша дIахьош долу тIелатар уггаре къиза тIаьхьалонаш йолуш ду. ГIаттамхоша дIахьедарш до, цу кепара цIий Iенош тIемаш Шемахь хIинццалц хилла бац бохуш.

Асадан эскарш тIемаш беш ду Малхбалерчу Гутехь, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташоно тIеэцначу резолюцино тIедожийна ма хиллара, герз деттар 30 денна сацаде бохуш Малхбузено кхайкхамаш беш боллушехь.

«Оха сацор бац терроризмаца дIахьош болу кIийсам… ткъа Гутера операци терроризмаца къийсам дIабахьар ду», - аьлла Асада, пачхьалкхан телевизионехула ша динчу къамелехь, хаам бо Reuters агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG