Нохчийчуьра а, Дагестанера а, Петарбухера а бахархоша дакъа а лоцуш, дар-дацар хилла Петарбухехь. Цу девнехь вийна цхьа стаг, масийтта чевнаш йина ву, хаам бо Кавказ.Реалиино, "Фонтанка" хьастана тIе а тевжаш.
Инцидент хилла Зазадоккху-беттан 2-чу дийнахь, машенаш дIахIитточу меттехь. Цигахь декхарца доьзна хаттар къасто вовшахкхетта хилла 6 стаг. Царна юкъахь хилла ши нохчо а Дагестанера вахархо а, ткъа иштта меттигера кхо вахархо а.
Эххаре а Дагестанера Исмаилов Рамазан цIе йолчу стага тапча тоьхна вийна Нохчийчуьра Давлетбаев Абу цIе йолу стаг.
ТIаьхьо иза лаьцна полицино.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?