ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн мотт буьйцу зударий а, бераш а ду БагIдадерчу набахташкахь


Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан официалан векал Захарова Мария.
Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан официалан векал Захарова Мария.

Террор лелочу нахана гIо дар хьокъехь таллам дIахьош лаьцна латтош оьрсийн мотт буьйцу 22 зуда а, 49 бер а ду БагIдадехь аьлла, дIахьедар дина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан официалан векло Захарова Марияс, хаам бо ББС-но. Карарчу хенахь Оьрсийчоьнан консульствон белхахой бу царна тIекхача гIерташ.

Захаровас бинчу хаамца, зударий а, бераш а Оьрсийчоьнан махкахой хила мегаш бу. Уьш карарчу хенахь талламана юкъаозийна бу. Царна дихкина ду зIе латтор, арахьарчу нахаца, шайна юкъахь кхечу пачхьалкхийн дипломаташ а болуш.

Захаровас дийцарехь, цу бахьаница дихкина ду цу нахаца цхьаьнакхета БагIдадерчу Оьрсийчоьнан векалаллерчу белхахошна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG