ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн мухIажир араваьккхина Германера


Германехь тховкIело еха кхаьчна рогIера мухIажир. Архивера сурт.

ТховкIело йоьхуш 5 шо даьккхинчул тIаьхьа нхчийн жима стаг араваьккхина Германера. Иза ву 29 шо долу Давлетукаев Хьамзат.

2012-гIа шо довш Нохчийчуьра ведда немцойн махка кхаьчна хилла иза. Немцойн Iедале шена кхерамазалла йоьхучу хенахь аьлла хилла цо, Нохчийчуьрчу Iедалша политикан бахьанашца хьийзош ву ша аьлла.

Давлетукаевн политикан тховкIелонах долу дехар масех шарахь жоп доцуш дитинера меттигерчу мухIажирашкахула йолчу хьукмато. Даханчу шеран аьхка эххаре юхатуьйхира иза.

Цунна дуьхьал латкъам бинчу Давлетукаевн хьал кхераме ца лерина меттигерчу кхело. Нохчийчохь кхерам берг Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь ваха йиш йолуш ву аьлла сацаме кхечира кхел.

ТIаьхьарчу хенахь алсамдуьйлуш ду Германерчу нохчашна Оьрсийчу депортацеш яр. Коьртачу декъехь политикан тховкIело ца луш амма цхьана ханна махкахь совца бакъо шаьш елларш бу немцойн Iедалша нуьцкъаша шайн махкара арабохурш.

XS
SM
MD
LG