ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан президентан харжамаш тIекхочуш хиларна леринчу, дуккха а адамаша дакъа а лоцуш, дегI меттахдаккхарехь дакъалецира Соьлж-ГIалахь 5 эзар стага. Цунах лаьцна хаам бина ТАСС агенталло.

И акци хилла Соьлж-ГIалан коьртачу майданехь. Цигахь дакъалоцуш бара Госдуман депутаташ а, бевзаш болу спортхой а, студенташ а, юкъаралан вовшахтохараллийн жигархой а. Цара йира 180 эзар 318 деган меженаш меттахъяхаран кеп. И терахьаш симбол яра президентан харжамаш хир болчу хенан "де - бутт - шо" форматехь.

РогIера и акци дIахьура йолу регионаш хир ю Дагестан а, ГIалгIайчоь а.

XS
SM
MD
LG