ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ямартло йина аьлла чувоьллина хиллачу Скрипальна дIовш малийна Британехь


Коьрта Талламан Урхаллан (ГРУ) хилла эпсар Скрипаль Сергей Москох кхелехь.

Оьрсийчохь пачхьалкхана ямартло йина аьлла 2006-чу шарахь 13 шо а тоьхна чувоьллина хиллачу Коьрта Талламан Урхаллан (ГРУ) хиллачу эпсарна Скрипаль Сергейна девзаш доцу дIовш малийна хила мега. Цунах лаьцна яздо ББС-но.

66 шо долу Скрипаль кIирандийнахь дIакхачийнера дарбанан цIийне, Солсбери гIалахь махбаран центран уллехь цунна во хиллачул тIаьхьа. Цуьнца цхьаьна клинике охьайиллина 33 шо долу зуда а.

Британин Iедалша комментари ца йина хиллачунна. Амма ББС-ин кхерамазаллан хаттаршкахула волчу корреспонденто дусту хилларг Литвиненко Александр верца.

ФСБ-н белхахо хилла волу Литвиненко вийра Лондонехь 2006-чу шарахь, полоний олу дIовш а малийна.

Скрипаль а, ткъа иштта Iилманча Сутягин Игорь а, кхин а оццу бахьанца чувоьллина ши стаг, Запорожский Александр а, Василенко Геннадий а, хийцира Iамеркехь гучубевллачу Оьрсийчоьнан шпионех 2010-чу шарахь. Царна юкъахь вара Арахьарчу Талламан сервисан (СВР) инарла-майор Васенков Михаил а, Чапман Анна а.

XS
SM
MD
LG