ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиев Оюб кхин дIа а лаьцна латторан хьокъехь сацам беш ю Соьлж-ГIалара суд


Титиев Оюб суьдехь. Архивера сурт.
Титиев Оюб суьдехь. Архивера сурт.

Оьрсийчоьнан «Мемориалан» Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб кхин дIа а талламан изоляторехь латторах лаьцна сацам беш ю Старопромыслан кIоштан кхел.

Цу кхелан кхеташонехь дакъалоцуш ву леррина Титиевна гIортор ян Соьлж-ГIала веана Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалоцуш волу Явлинский Григорий.

Суьдехь ша дошлардаран тоьшалла а хилла бакъонашларъярхо Титиев талламан изоляторера араваккхар доьхуш кечдина кехат дIадала дагахь ву иза.

Вевзаш волу политик дагахь ву ша дошлардаран тоьшалла а хилла бакъонашларъярхо Титиев талламан изоляторера араваккхар доьхуш кечдина кехат дIадала суьдхочуьнга.

60 шо долу Титиев бехке вина наркотикаш лелийна аьлла. Ша Титиевс чIагIо йо, шегахь наркотикаш цахиларх а, полисхоша уьш шен машенчу кхийсина хиларх а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG