ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьхьарчу 4 баттахь 26 политикан тутмакх тIекхетта Оьрсийчохь


Оьрсийчоь -- Политикан тутмакхийн де, Москох. Архивера сурт.
Оьрсийчоь -- Политикан тутмакхийн де, Москох. Архивера сурт.

Кху тIаьхьарчу 4 баттахь 26 политикан тутмакх тIекхетта Оьрсийчохь а, цу пачхьалкхо дIалаьцначу ГIирмехь а. Цунах лаьцна хааам бина шинарин дийнахь «Меморал» адамийн бакъонаш ларъечу центро.

Карладаьккхинчу цIейозана тIехь ву 143 стаг. Уьш бу коьртачу декъана дин бахьана долуш чубоьхкина ГIезалойчуьра а, ГIирмера а бусалбанаш.

"Мемориало" билгалбаьхначу политикан тутмакхашна юкъахь ву иштта оппозицин жигархо Гальперин Марк а, Нохчийчуьрчу «Мемориалан» декъан куьйгалхо Титиев Оюб а, кхин а масийтта стаг а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG