ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиевс талламан изоляторехь йоккхучу хенах лаьцна сацам беш ю Соьлж-ГIалара кхел


Титиев Оюб кхелехь.
Титиев Оюб кхелехь.

Титиев Аюбан тIехь йоьдучу кхелан рогIера кхеташо дIайирзина Соьлж-ГIалахь. Старопромыслан кIоштан кхело дуьйцуш ду дов луьстучу ханна иза мукъаваккхахьара аьлла адвокаташа дина дехар.

Титиев водур ца хиларх жоп ло шаьш аьлла, дIахьедарш динера Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалоцучу кандидаташа Собчак Ксенияс а, Явлинский Григорийс а.

Явлинский ша а веанера цу кхелан кхеташонехь дакъалаца. Суьдехь дош олуш, политико дIахьедар дира, Титиев шена дукха хенахь дуьйна вевзаш стаг хиларх лаьцна а, цуьнгара низамца доцург дера ца хиларх лаьцна а.

Кху миноташкахь садаIа цхьана сахьтана юкъахъяьккхина суьдан кхеташо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG